• 04.12.2024

Газета «Маршо»

Газета «Маршо»

   Хьан г1иллакх иэшор ду кхиерамуо…

    Больница чуьра арайаьлла йог1у и шиъ. Цхьаммо ч1ог1а йовхарш йетта. Лоьрийн сацам цуьнан йуьхь т1ехь бу.
    – Х1умма а дац. Хох а бу, шура а йу…, – догъиэца г1иерта цунна чухула пхьаьрс баьккхина йог1у накъост.
  Бакъ дац. Ма бакъ дац…  Хьо ца тиеша. Ца йиеша. Хьуна хаьа, и хох йа и шура логах чекхйолуьйтуш, цаьрга иэшалуш  лазар доцийла кхиеттарг.
  Хьайниг лазадолу хьан…
   Баьпкан цуьргах б1аьрг уьдуш, кийра кхиехкаш, хьайна гина хан (г1ан?), г1енахь санна сема йолуш-йоцуш, дагадог1уш-ца дог1уш, хьо йолуш-йоцуш, хила лууш-ца лууш… Де иэшна, г1ора иэшна, г1о иэшна… Са иэшна…
    Шаьш чохь мел дерш цхьаьний цу лазаруо хьовзор, кху дуьненахь хьан уггаре хьоме стаг, хьан цхьаъ бен воцу, цхьаъ бен висина воцу нанас винарг (хьан Дозалла, хьан болатан Г1ортор) са ца дие1алуш больнице вадор. И иэцна а, цунна т1аьхьа а хьуо ца йахайалар. Реанимацера «Хьал цхьанаэшшара г1ийла ду», – бохуш, хьайна з1иенехь хазор. Лазаруо озийна, гатдина, хьайн диег1ан чарх тесина, панадала хазделлачу хьайн синан цуьрг цунна гондхьа идар.
   И воьхуш, хьайн Далла хьиестайалар,   хьиестайалар, хьиестайалар. Устазашка, д1акхелхинчу шайн  дега, нене, вешиега кхайкхар, нахе до1наш диехар…
  Цуьнан са гаттехь а долуш, хьайн са панадаларх а биен цахиетар, и воцу дуьне а хьайна цаиэшар.
   Дала къинхетам, къинхетам, къинхетам бина, цунна г1уоле хиларца хьайна а г1уоле хилар, и ц1авеъна де хьайн уггаре ирсе де хилар.
   Хьуо кхин арайер ю, г1ур йу, йахалур йу, йаха йаьхьар йу, луур ду аьлча  хьо  цатиешар. Дикка хан йаьлла,  хьо йоьдуш, дуьххьара дуьне гуш санна, дуьххьара ког боккхуш санна, дуьххьара боккхуш санна и ког тийса а луш, «Хьовсийша, со йоьдуш йу шуна, со-суо…», – бер санна цецйийлар.
    Хьо кхин цкъа а хир йац тохарлерниг.
   Цомгуш хилале хьалха, самукъне хьашташна, биен-биерса коч-мачина вовшахдиттина рицкъа хьан   кийра гулделлачу д1аьвшана дуьхьалтоха, цуьнца хьо къовса, кхин д1овш оьцуш д1аг1ур ду. Шина а куьйга «къинхетамечу» бусалбанаша мах айъинчу, саг1ийна луш санна шаьш и «достать» дарх баркалла  а диезаш.  Цул т1аьхьа ахьа коч-мачина тохарлера са а гатдийр дац. Оьший а ца хаьа, – бохур ду хьан дагуо. –Цулла а т1аьхьалонна гулде ахь. Айхьа нахах а, наха хьайх а бертаза къевлинчу не1аре ца х1отта. Хьанна хаьа…– хьоьхур ду цуо.
   Ахча «достать» дан меттиг боцучеран ойла а алсам йийр йу ахьа. Чохь доьзал, т1ехь диекхар а долуш, шен ц1ийндай, шай цомгуш хилча, ц1ийндена г1олехь долу молханаш а иэцна, шена дорахниш иэцначу зудчун хама а бийр бу. «1овдал, 1овдал!», – цхьаболчара бохучохь, г1иллакх, г1иллакх, вайн ворх1ие дайшкара (наношкара), оьздангалла, доьналла, боьрша стаг ларар, цунан сий дар! – хиетар ду хьуна.
    Г1иллакхах вуохор ву даьржинчу лазаруо. Хьалха цомгушчунна т1ех1уттуш сом дуьллуш хилла г1айба а хьабийр бац, т1оьрмиг х1оттош хилла не1аран саг1а а дузур  дац. Сом  хир дац кхоуориг – са.
    Хьан г1иллакх иэшор ду кхерамо. Хьуо тезета цайахарна иэхь хеташ, и велларг дагара ца волуш, цуьнан т1аьхьависинчух бехк буьсуш. Вевза-везарг дуьхьалкхетча, мараиэккха къиехкаш, цунах, хьайх х1ун  доллу цахаарна.
   Кхоьруш.  Хьайхачул ч1ог1а хьайн чуьрчарах. Тохарлерчух.«Ваа! Ваа! Ваа! Ваай!, – бохуш, тийжаш, 1ийжаш уьду скори, хан йолуш-йоцуш (цхьа а хан йоцуш!), хьайн не1ар т1е йуха а х1оттарна.
   Кхоьруш т1аьхь-т1аьхьа дарлуш, къахьлуш чууьдучу цу «тулг1иенех».  Шаьш ловзаваьккхина, карзахваьккхина чухьарчийнарг д1ахьор йа йухакхуссур ца хуучу.
   Хьан наб а искусственни хир йу, набаран тар аптекехь оьцуш, хьан са аьрха хир ду, хьан дег1 дезадиеш, амалш кхоьхьуш хир ду.
    Хьан лаамаш кхин хир бу. Лиехамаш а. Биехкамаш а.
    Хьан дог къинхиетамах, баркаллах  дузур ду.
   Хьуна г1о дина, сагатдина мел генарниг а хьан гергара хир ву. Цара хьо шайн лай йина лоцур йу.
    Хьан Далла хьиестайалар, И хьиехуор  садер ду. Саг1ийна х1ума  кховдор а.
  Астаг1фируллах1,  Астаг1фируллах1, Астаг1фируллах1 бахар  марзделла, хьо г1ибатах ларйала г1уртур йу.
    Больницехь д1айаьлла,  киленкаш юкъа хьиерчош нана а йолуш, х1ума кхалла г1оьртинчу йо1ах а хьо кхаьрдар йац. «Хьажахь, хьажахь!», – бохуш, инзарбуьйлуш, 1аьржа мухар цунна т1етоха сихбеллачарна т1аьхьа а х1уттур йац. Йоьхна, хьекъалх тилла хила тарлой-ца иза-м  йа диабет йолуш, шекар уохьадаьлла ша йожарна кхоьруш…
    Дуккха а шерашкахь хьекъал иэшна леллачу к1анта цу лазарх ша д1аволучу буьйсана, кхетамчу а веана:  «Са ца де1ало-кх…. Г1о диехьа суна…», – лоьре бахар а 1иеткъар ду хьуна…
  …Хьо кхин цкъа а хир йац тохарлерниг. Йа и йовхарш йиттина  жима зуда а… Дуьне а…
                                                                                                                                                                      Овхадова Яхита